Чулацаман тӀегӀо

Дуьненан хьалхара тӀом

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Дуьненан хьалхара тӀом
Терахь 1914 28 июль1918 11 ноябрь (4 шо, 3 бутт, 2 кӀира)
Меттиг Европа, Африка, Гергара Малхбале (кӀеззига Цийчохь а, Тийна океанан гӀайренаш тӀаьхь)
Бахьна Экономикин империализм, мехкан а, экономикин а къийсамаш, махлелоран дуьхьалонаш, милитаризм, автократи, ницкъийн баланс, Европин пачхьалкхийн бартхойн декхарш.
ЖамӀ Антантан толам. Российн имперера Февралан а, Октябран а революцеш, Германин имперера Ноябран революци а. Российн, Германин, Хункаран, Австро-Мажаройчоьнан импереш йохар. Йерриг германин колонеш толамхоша шайна йукъахь йекъар. Версалан барт
МостагӀий

Антанта а, цуьнан бартхой а:
Серби Серби
Кеп:Байракх/Оьрсийн шуре (1917 кхаччалц)
Кеп:Байракх/Оьрсийн республика (1917 кхаччалц)
Французийн кхоалгӀа Республика Франци
Британин импери Йоккха Британи

Йуккъера пачхьалкхаш:

БӀаьччаш

Французийн кхоалгӀа Республика Р. Пуанкаре
Французийн кхоалгӀа Республика Ж. Клемансо
Французийн кхоалгӀа Республика Ж. Жоффр

Росси Николай Николаевич Жимахверг
Российн импери Николай II 
А. В. Колчак
Георг V
Британин импери Г. Асквит
Британин импери Д. Ллойд Джордж

Серби Пётр I Карагеоргиевич
Серби принц-регент Александр
Серби Р. Путник 
Серби Ж. Мишич
Серби С. Степанович
Серби П. Бойович
Серби П. Юришич-Штурм
Бельги Альберт I
Никола I
Ӏаьржаламанчоь Я. Вукотич
Виктор Эммануил III
Итали Л. Кадорна
Итали А. Диас
Итали принц Луиджи
Фердинанд I
Румыни К. Презан
Румыни А. Авереску
Т. В. Вильсон
Америкин Цхьаьнатоьхна Штаташ Дж. Першинг
Желтойчоь П. Данглис
Японин импери Окума Сигэнобу
Японин импери Тэраути Масатакэ
Къилба-Африкин барт Ян Христиан Смэтс
Цийн Халкъан Республика Цийн Халкъан Республика Юань Шикай
Цийн Халкъан Республика Ли Юаньхун
Цийн Халкъан Республика Дуань Цижуй
Цийн Халкъан Республика Фэн Гочжан
Сиам Вачиравуд
Мисар Хьусайн Камиль

Австро-Мажаройчоь Франц Иосиф I Австро-Мажаройчоь Карл I
Австро-Мажаройчоь Ф. фон Гётцендорф
Австро-Мажаройчоь А. фон Штрауссенбург
Вильгельм II
Э. фон Фалькенхайн
Пауль фон Гинденбург
Х. фон Мольтке (Младший) 
Р. Шеер
Э. Людендорф
Шпее, Максимилиан фон 
кронпринц Рупрехт
Мехьмед V 
Мехьмед VI
Хункар-мохк Энвер-паша
Фердинанд I
КхоалгӀа Болгарин паччахьалла В. Вазов
КхоалгӀа Болгарин паччахьалла Н. Жеков
КхоалгӀа Болгарин паччахьалла Г. Стоянов-Тодоров

Массон ницкъаш

Мобилизаци йина берриг тӀамехь:

Российн импери 12 000 000 стаг,

Британин импери 8 840 000 стаг

Французийн кхоалгӀа Республика 8 660 000 стаг,

Итали 5 615 000 стаг,

Америкин Цхьаьнатоьхна Штаташ 4 740 000 стаг,

Румыни 1 234 000 стаг,

Японин импери 800 000 стаг

Серби 708 000 стаг,

Бельги 380 000 стаг,

Желтойчоь 250 000 стаг,

Ӏаьржаламанчоь 50 000 стаг,

Берриш: 43 277 000 стаг

Мобилизаци йина берриг тӀамехь:

Германин импери 13 250 000 стаг

Австро-Мажаройчоь 7 800 000 стаг

Хункар-мохк 3 000 000 стаг

КхоалгӀа Болгарин паччахьалла 1 200 000 стаг Берриш: 25 250 000 стаг.

Белларш

ТӀемлой белла: 5 953 372
ТӀемлошна чевнаш йина: 9 723 991
ТӀемлой тӀепаза байна: 4 000 676[6]

ТӀемлой белла: 4 043 397
ТӀемлошна чевнаш йина: 8 465 286
ТӀемлой тӀепаза байна: 3 470 138[6]

Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Дуьне́нан хьа́лхара тӀом (йап.. Йапнойн-Девтойн тloм , оьрс. Шолгla Даймехкан тloм , итл. Доьалгla маршойаккхаран тloм , кхет. Империализман хьалхара тloм , инг. Сийлахь болу тloм) - дlaболабелла 1914-чу шарахь мангалан беттан 28-чу дийнахь , ткъа чекхбаьлла 1918-чу шарахь лахьанан беттан 11-чу дийнахь.Цу тlaмехь дакъалаьцна цу хенахь хилла йолу 59 пачхьалкх йукъера 38 пачхьалкхо.Цу тlaмехь дlaкхелхина а , лаздина а , хlyсам доцуш а дисна эзарза эзаршкахь адам.


1914-гla шо тle ма кхаьчча Европа йеккъа йара шина тleман барта тle.Цхьаъ бара «Кхолха Барт» бохуш цle йахана лелаш , цуьнан чохь йара Девтойн шуре а , Острих-Мажаройн шуре а , Паччахьалла Итлойчоь а.Важа бертан цle йара «Антанта» , цу чохь йара Оьрсийн шуре а , Бриттойн шуре а , Кхоалгla Галойн пачхьалкх а.Цу берташкахь долу девнан бехкана гloьртинахилар лаккхарчу тleгlaне даьллера Боснехь Острих-Мажаройн Мехк-ден вешин кlaнт Франц Фердинанд шен зудчуьнца Гаврило Принцип бохучо вийча Сараевехь.Паччахьалла Сербойчоь реза хиллера зуламхо схьалоцуш гlo дан , амма церан цхьана xlyман тleхь барт ца хиллера - Сербойчоьно шайн махк чухецийта дезаш дара острихойн сур.И дар-дацар доьдуш лаьтташехь Оьрсийн шурено ша сербашна дов эккхахь тlexloтта кийча хилар кхайкхадинера , ткъа 25-гlaчу мангалан беттан дийнахь Оьрсийчоьнехь сур тleман кийчалле даьккха аьлла сацам бинера.Хьалхара «тleман кечаман муьран» де хаьржина дара 26-гla мангалан беттан де.Цу дийнахь къайлаха адам суре кхойкхуш сур хьаладуза дезаш дара.Иза дара сербаша шайга острихойн сур чудаийта боху бехкам йухатохале а , и чу ца даийтина аьлла вукхара тloм кхайкхале а , Девтойчоь йукъагlepтале а хьалхе.Цу бертийн къепо кху девне йукъаозийнера Девтойн шуре а , Бриттойн шуре а , Галойчоь а (тlaьххьара шиъ шайн мехкан дозанал дехьахь долу латтанашца).Лахьанан баттахь Девтойн шурено а , lyсманойн шурено а , Острих-Мажаройн шурено а , Паччахьалла Болгаройчоьно а кхоьллинера «Йуккъера пачхьалкхаш» аьлла барт , ткъа Итлойчоь дехьайаьллера «Антанта» чу оханан баттахь.

ТӀеман шерашкахь тӀамехь дакъалоцучу сурашка кхайкхина 70 эзарза эзарал сов стаг, царна йукъахь 60 эзарза эзарал Европера, царах велла 9 - 10 эзарза эзарал стаг. Машаре бахархойн эшамаш бу 7 - 12 эзарза эзар гергга стаг[7][8]; 55 эзарза эзар стаг гергга чевнаш йина[9]. И тloм хила цхьа баккхий карчамийн дlадолорхо , царна йукъахь 1917-чу шеран Оьрсийчоьнехь хилла Чиллин буржуазин а, Эсаран социалистийн а, 1918-чу шеран Девтойчоьнера Лахьанан карчам а[10]. ТӀом бахьанехь йоха а йоьхха дlaйаьллера йиъ шуре: Оьрсийн а , Острих-Мажаройн а, lyсманойн а , Девтойчоьнан а.

ТӀом кхайкхоран хронологи
Терахь Хьа кхайкхийна Хьанна кхайкхийна
1914
28 июль Австро-Мажаройчоь Австро-Мажаройчоь Серби Серби
1 август Германи Германи Росси Росси
3 август Германи Германи Франци Франци
4 август Германи Германи Бельги Бельги
Йоккха Британи Британи Германи Германи
5 август Ӏаьржаламанчоь Черногори Австро-Мажаройчоь Австро-Мажаройчоь
6 август Австро-Мажаройчоь Австро-Мажаройчоь Росси Росси
Серби Серби Германи Германи
9 август Ӏаьржаламанчоь Черногори Германи Германи
11 август Франци Франци Австро-Мажаройчоь Австро-Мажаройчоь
12 август Британин импери Британи Австро-Мажаройчоь Австро-Мажаройчоь
22 август Австро-Мажаройчоь Австро-Мажаройчоь Бельги Бельги
23 август Японин импери Япон Германи Германи
25 август Японин импери Япон Австро-Мажаройчоь Австро-Мажаройчоь
1 ноябрь Росси Росси Хункар-мохк Хункар-мохк
2 ноябрь Серби Серби Хункар-мохк Хункар-мохк
3 ноябрь Ӏаьржаламанчоь Черногори Хункар-мохк Хункар-мохк
5 ноябрь Йоккха Британи Британи
Франци Франци
Хункар-мохк Хункар-мохк
1915
23 май Итали Итали Австро-Мажаройчоь Австро-Мажаройчоь
3 июнь Сан-Марино Сан-Марино Австро-Мажаройчоь Австро-Мажаройчоь
21 август Итали Итали Хункар-мохк Хункар-мохк
14 октябрь БолгариБолгарин паччахьалла Серби Серби
15 октябрь Йоккха Британи Британи
Ӏаьржаламанчоь Черногори
Болгари Болгарин паччахьалла
16 октябрь Франци Франци Болгари Болгарин паччахьалла
19 октябрь Итали Итали
Росси Росси
Болгари Болгарин паччахьалла
1916
9 март Германи Германи Португали Португали
15 март Австро-Мажаройчоь Австро-Мажаройчоь Португали Португали
27 август Румыни Румыни Австро-Мажаройчоь Австро-Мажаройчоь
Итали Итали Германи Германи
28 август Германи Германи Румыни Румыни
30 август Хункар-мохк Хункар-мохк Румыни Румыни
1 сентябрь Болгари Болгарин паччахьалла Румыни Румыни
1917
6 апрель Америкин Цхьаьнатоьхна Штаташ АЦШ Германи Германи
7 апрель Куба Куба Германи Германи
10 апрель Болгари Болгарин паччахьалла Америкин Цхьаьнатоьхна Штаташ АЦШ
13 апрель Боливи Боливи Германи Германи
20 апрель Хункар-мохк Хункар-мохк Америкин Цхьаьнатоьхна Штаташ АЦШ
2 июль Желтойчоь Желтойчоь Германи Германи
Австро-Мажаройчоь Австро-Мажаройчоь
Хункар-мохк Хункар-мохк
Болгари Болгарин паччахьалла
22 июль Таиланд Сиам Германи Германи
Австро-Мажаройчоь Австро-Мажаройчоь
4 август Либери Либери Германи Германи
14 август Цийчоь Германи Германи
Австро-Мажаройчоь Австро-Мажаройчоь
6 октябрь Перу Перу Германи Германи
7 октябрь Уругвай Уругвай Германи Германи
26 октябрь Бразили Бразили Германи Германи
7 декабрь Америкин Цхьаьнатоьхна Штаташ АЦШ Австро-Мажаройчоь Австро-Мажаройчоь
7 декабрь Эквадор Эквадор Германи Германи
10 декабрь Панама Панама Австро-Мажаройчоь Австро-Мажаройчоь
16 декабрь Куба Куба Австро-Мажаройчоь Австро-Мажаройчоь
1918
23 апрель Гватемала Гватемала Германи Германи
8 май Никарагуа Никарагуа Германи Германи
Австро-Мажаройчоь Австро-Мажаройчоь
23 май Коста-Рика Коста-Рика Германи Германи
12 июль Гаити Республика Гаити Германи Германи
19 июль Гондурас Гондурас Германи Германи
10 ноябрь Румыни Румыни Германи Германи

Девнан хьалхара истори

[бӀаьра нисйан | нисйан]
1914 шеран Европера тӀеман альянсаш

Йаккхийчу пачхьалкхашна йукъахь барт ца хилар — Девтойн шуренан, Острих-Мажаройчоьнан, Итлойчоьнан а, Галойчоьнан а, Сийлахь Бриттойчоьнан, Оьрсийчоьнан — алсама долуш дара тӀом болабалале дуккха хьалха дуьйна.

1870-1871 шерашкахь девтоша толам баьккхина болу тloм чекхбаьлча Невредевтойн Бартах Девтойн шуре а кхуллуш Отто пон Бисмарка аьллера xlapa :

«Онда Девтойчоьнна лаьа ша паргlaт йитийта а , ша дуьненахь кхиийта а , цундела онда сур хилийта деза цо шегахь , xlyнда аьлча батта чохь урс долчунна цхьаа тleкхета ваьхьар вац.Шайолу пачхьалкх , Галойчоь йоцург , вайх хьашт йу , цундела уьш ма-хуьллу вайна дуьхьал болу тleман берташ ца кхолла хьожур бу шайна йукъахь къовсам хилахь»

Амма и шен даржа мукъаваьлча Девтойчоьнан амал жим-жимма хийцалуш йара цуьнан керлачу куьйгалхошкахь шен пачхьалкхан керахь массо кепара олалла хилийта лаам хилла дера.Амма церан хьашташна новкъарло йора йаккхийн шуренаша , ала дашна , Бриттойн шурено.Девтойчоь , ша къона пачхьалкх хиларца , тlaьхьайиснера дуьне декъарна , цундела и дозанал дехьара йолу тlaьхьалонаш йоцуш йиснера.

1879-чу шарахь эсаран беттан 7-чу дийнахь чlaгlaм йазбо Острих-Мажаройчоьно а , Девтойчоьно а Венехь , «Шалха барт» а кхуллуш.Цу бертан бехкам бара цхьа пачхьалкх кхечуьнца тlaме йалахь цу сохьта цунна ма-хуьллу гlo дан.Йуха кхо шо даьлча хlyтосург беттан 20-чу дийнахь царна Паччахьалла Итлойчоь вовшахкхеттачул тlaьхьа бертан цle хийцало «Кхолха барт».Цу бартана дуьхьал Галойчоьно а , Оьрсийн шурено а къобалбо 1894-чу шарахь кхолламан беттан 4-чу дийнахь Галойн-Оьрсийн барт , цунна тlaьхьа боьду 1904-чу шарахь оханан беттан 8-чу дийнахь къобалбина болу Ингалсан-Галойн барт , ткъа цунна тlaьхьа боьду тlaьххьара барт - Ингалсан-Оьрсийн.И берташа латтаца доьзна долу хаттарш билгалдоккхур.Кlopга аьлча , Ингалсо а , Галойчоьно а Априкера латтанийн дозанаш тleчlaгlдо ; Оьрсийчоьно а , Ингалсо а Шалгly-мохк кхаъ laткъамийн декъе боькъур : неврехь долу латтанаш оьрсийн laткъамехь дара , негleхь долу латтанаш ингалсан laткъамехь , ткъа йуккъара латтанаш цхьаьнга а кхочуш дацара.Цу кхолабелла болу бертан цle хиллера «Антанта» , нохчийн маттахь и хир ду «Деган барт» санна

Шен агӀора, гуттаренна а цхьаьнаэшшара боцу кхерч хилла Европехь латтара Австро-Мажаройчоь. И дуккха а къаьмнаш деха импери гӀертара Берлинан конгрессехь кхаьчна, 1908 шарахь дӀалаьцна Босни а, Герцеговина а (хьажа: Боснийн кризис) латто. Цуьнца цхьаьна иза гӀертара, Балканашкахь берриг славянийн турсло хилла лаьтта, Российна дуьхьала латта. Шен агӀора къилба славянаш цхьаьнатохаран йукъ хила таро йара Сербин а, Российн бартхочун.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Nurullah Ardic. Islam and the Politics of Secularism: The Caliphate and Middle Eastern Modernization in the Early 20th Century. — Routledge, 2012. — С. 200—201.
  2. Эмират Джебель-Шаммар
  3. Tucker, Spencer (2005), [[[:Кеп:Google books]] Encyclopedia of World War I], Santa Barbara, CA: ABC-CLIO, p. 1074, ISBN 1-85109-420-2, Дата обращения: 2010 ш. 07 майхь {{citation}}: Проверьте значение |url= (справка)К:Википедия:Ошибки CS1 (URL)
  4. Сагитов Р. История независимого Дарфурского султаната (XIII в. – 1917 г.). Материалы III Всероссийской молодёжной научно-практической конференции
  5. Егорин А. З. История Ливии. XX век. — Институт востоковедения РАН, 1999. — С. 48—49. — ISBN 5-89282-122-6, ББК 63.3(5) (6Ли) Е 30.
  6. 1 2 Evans, David. Teach yourself, the First World War, Hodder Arnold, 2004. P. 188
  7. Keegan, John (1998), The First World War, Hutchinson, ISBN 0-09-180178-8, — page 8.
  8. Bade, Klaus J; Brown, Allison (tr.) (2003), Migration in European History, The making of Europe, Oxford: Blackwell, ISBN 0-631-18939-4, OCLC 52695573, — pp. 167—168
  9. Западный мир отмечает 90 лет со дня окончания Первой мировой войны
  10. Willmott, H.P. (2003), World War I, New York: Dorling Kindersley, ISBN 0-7894-9627-5, OCLC 52541937, — p. 307
  翻译: