Саксони (латта)
Freistaat Sachsen Маьрша пачхьалкх Саксони | |
Байракх |
ХӀост |
Майда: | 18.449,9 км² |
Бахархой: | 4.043.002 стаг |
Луьсталла: | 219 стаг/км² |
Урхалла деш йолу парти: | коалици ХДС а СДПГ а |
Къаьжнаш дӀасадекъар мехкан гуламехь: |
ХДС 55 ПДС 31 СДПГ 13 НДПГ 12 СвДП 7 Зелёные 6 |
ТӀаьхьарлаьра харжамаш: | 1-ра сентябрь 2019-гIа шо |
РогӀера харжамаш: | 2024 |
Бундесратехь долу къаьжнаш: | 4 |
Урхаллин адрес: | Sächsische Staatskanzlei 01095 Dresden |
Email: | info@sk.sachsen.de |
Сайт: | [1] |
Саксо́ни (нем. Sachsen, л.-луж. Sakska), официалан цӀе: Маьрша пачхьалкх Саксони (нем. Freistaat Sachsen, л.-луж. Swobodny stat Sakska) — Германин латта. Коьрта гӀала — Дрезден.
Майсен Марк 929-чу шарахь кхолларца дIайолало Маьрша пачхьалкх Саксонин 1.100 шо гергга йеха йолу истори.
Саксонин латтанах 1918-чу шарахь республика хилла, ткъа и республика национал-социалистин 1933-чу шарахь Iедал карадаххалца бен ца лаьттира.
Маьрша революци дIайоьдучу хенахь, Саксонин латта йухаметтахIоттадаран хьокъехь къамелаш дIадуьйладелира.
Майсенера Альбрехтсбург цIе йолу гIопахь 3-чу октябрехь 1990-чу шарахь йуха керла дIахIоттайира Маьрша пачхьалкх Саксони.
Тахана Маьрша пачхьалкх Саксони шен диъ миллион бахархошца а, 18.400 гергга йеакIов километарца Германин йукъадогIу латтанех йалхолгIачу меттехь ду майдане хьаьжча.
Деза денош
[бӀаьра нисйан | нисйан]Дийнна Германехь лору керла шо а, марха досту де(пасха) а, белхан де а, Iийсан стигала валар а, немцойн цхьааллин де а, Iийса элча вина де а, Pfingsten(кхаала, кхоъ хилар) а, дика пIераскан де а доцург кхин а даздо Саксонехь реформацин деза де а, дохковаларан а, ламаз даран а де.
КӀоштанаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Гёрлиц
- Баутцен
- Саксонин Швейцари — Малхбалера Рудни Лаьмнаш
- Майсен
- Юккъера Саксони
- Рудни Лаьмнаш
- Лейпциг (кӀошт)
- Къилбседера Саксони
- Цвиккау (кӀошт)
- Фогтланд